Логин: Пароль:

Муниципальное автономное учреждение культуры Центр культуры и досуга Гудермесского Муниципального района.

366200, Чеченская Республика, г. Гудермес, ул. Ватутина, 43.

 
 
 
  ГлавнаяРуководствоВизитная карточкаСтруктураУстав/положениеДокументыНовостиГалереяВидеогалереяВакансииСимволикаМы в СМИКонтактыЭлектронная приемнаяНаправления деятельности
 

Нохчийн меттан де

25.04.2019

Мотт – халкъан дахаран хазна ю. Мотт – адамийн дахаран а, юкъараллин а, ойла яран а, кхетаман а, 1илманан а, культуран а, искусстван а, халкъан хьекъалин а уггаре сийлахь, йоккха хазна ю. Мотт – халкъан историн куьзга ду. Шен маттаца доьзна, херадовла йиш йоцуш ду х1ора а къоман г1иллакхаш, ламасташ. Иштта маттаца доьзна дуккха а мехала х1уманаш ду къоман дахарехь. Муьлххачу а къомо, даха диса луучо лардеш а ду и адамех къам деш долу х1уманаш. Ша диначунна т1ехь адам, къам латтар Далла дезначех ду, цундела деза ду, шен мотт ларбар а, безар а, бийцар а. И ларбе бохуш, денна а г1иллакхашна, дедайн ламасташна т1ехь нисло бохуш схьавог1уш ву вайн паччахь Кадыров Рамзан. Лераме махкахой! Ас даггара декъалдо шу Нохчийн меттан дезачу денца! Дуьне мел лаьтта, вайн къоман хаза г1иллакхаш, 1адаташ массо а къаьмнашна довзуьтуш, кхуьуш, хазлуш,доттаг1аллин, гергарлонийн, уьрийн мотт хилла бехийла вайн нохчийн мотт!